Нохчийн бIаьвнаш

ДIадаханчу шерашкахь Нохчийчохь талламан белхаш бинчу Iилманчаша «Лаьмнийн а, бIаьвнийн а мохк» аьлла вайн лаьттах. Цуьнан  Iаламах  а, адамех а, цара динчу гIуллакхех а цецбуьйлуш,гобаьккхина гуш долчу хазаллех баккхийбеш, аьлла цара и дешнаш. Хазахета а, воккхаве а дуккха а хIума дан а ду вайн махкахь: лекха лаьмнаш, хазахиш, йуькъа хьаннаш, шера аренаш, шира гIишлош. Ткъа гIишлошна йукъахь шайн куьцаца а, хьалайоттаран говзаллица а къаьсташ йу бIаьвнаш. Нохчийн бIов  –  архитектурин а, культурин а хIоллам хилла ца Iа, иза къоман шатайпалла а, доьналла а, сий а, историн агIонаш а гайтаран билгало йу.   Къилбаседа Кавказ схьайаккха дагахь Россино кхузахь тIом болийначу хенахь оьрсийн эпсаршна а, тIаьхьа Iилманчашна а дуьххьара йевзина нохчийн бIаьвнийн культура. Цара уьш вайн къомо ца йина бохуш хилла. Сел акха болчу нохчийн хьекъал а, говзалла а тоьар йацара оццул исбаьхьа бIаьвнаш йан, кхечу мехкашкара, архитектурин лаккхара  говзалла йолчу пхьераша йина кхузара бIаьвнаш аьлла, ойла хилла мохкдIалацархойн.     Амма бIаьвнаш нохчийн пхьераша йуттуш хилла. ХIинца а халкъалахь йисна бIаьвнаш йуттуш хилла пхьераш схьабевллачу йартийн цIераш – БIаьвлой, НикIарой. Цхьаболчу пхьерийн цIераш а йиц ца йелла нохчашна, масех бIе шо хьалха и говзанчаш баьхнехь  а, – Дисхьи, Хорачара Беки, НикIаройра Тарам. Иштта боккха ларам хилла нехан цу пхьерашка а, уьш схьабевллачу йарташка а. ХIинца уьш меттахIитторна а, ларйарна а тIехь беш болх бу. Вайн республикехь Iаламан а, культурин а хазнаш ларйеш заповедникаш а кхоьллина. Царах уггаре а йоккханиг йу Аргунски пачхьалкхан архитектурни Iаламан музей-заповедник. Вайн лаьмнашкахь йолу архитектурни шира гIишлош а, гIишлойн комплексаш лар а йо, то а йо цу музейн-заповедникан гIоьнца.    Къаьсттина дукха бIаьвнаш Итон-Кхаьллан районехь йу. Царах вайн махкахойн а, генара баьхкинчу туристийн а самукъадолуш йуУшкалойра шала бIаьвнаш. Орга охьадогIучу Iин чохь, хинна тIехула лаьтта и шиъ йух-йуххехь, цхьаъ вукхунах къасталур йоцуш цхьатерра. БIаьрла сурт хIутту дуьххьара и бIаьвнаш гиначарна хьалха: Органан буьрса хи ду, даккхий тIулгаш а керчош, охьахьаьдда доьдуш, ткъа цунна тIехула тIекхозабеллачу берда кIелахь лаьтта ши бIов. Мел йоккха говзалла а, хьуьнар а эшна хир ду пхьерашна и шиъ сел халачу меттехь йан. Делахь а хьовсучеран цецдийлар цу тIехь чекх ца долу. Кхин а лакхарчу лаьмнашкахь, кхин а халачу меттигашкахь, бердашна йисттехь, адам цхьана агIор бен тIекхачалур доцчохь бIаьвнаш йоьгIна хилар го царна. Цхьана бIаьвнна уллера дIахьаьжча, мел генахь йелахь а, важа гуш хуьлу.Иза хIунда хилла иштта? Хууш ду, халхалерчу заманашкахь лаьмнашкара бахархой мостагIашна дуьхьал, гуттар а бохург санна, тIамехь хиллий. Церан дахар лардеш йолу гIап хилла бIов. МостагI тIелетча, йа кхин бохам хилча, вовшашка хаам беш хилла наха, бIаьвнан лакхарчу гIат тIехь – хой болчу декъехь  –  цIе а латайой. Дехьарчу бIов чохь болчарна цIе гича, цара шайниг а латош, кхидIа а хаам беш хилла. Хааман маьIнах а кхеташ хилла боху уьш, кIур муха бу хиъча. Ткъа нагахь мостагI тIелатахь, хIора бIов, дуккха а йолчу ханна тIеман гIап а хуьлий, дIахIуттуш а хилла, тIемалоша шайн доьзалш а царна чохь дIа а лачкъош.    Нохчийчохь бIаьвнаш йар 17-гIа бIешо чекхдолуш лахделла. Цуьнан бахьана лаьмнашкара нах шайн тайпанашца шерачу арахь, Органна а, Соьлжина а, Теркана а уллехь йарташ а йохкуш, баха ховшар дара. Йалта а, даьхни лело а нийсачу аренашкахь атта дара, цул сов хьалха санна мостагIий тIелетар а дIасецнера. Вайн заманахь бIаьвнашкахь йа «гIаланашкахь» Iаш нах бац. ХIинцалерчу стагана хала хир дара царна чохь ваха. И гIишлош тахана вай лерринчу тергонехь латто йезаш йу, церан дола а деш, йоьхнарг то а йеш. ХIунда аьлча бIаьвнаш вайн дайн хIусамаш а, тIеман гIепаш а хилла лаьттина, церан сий дан деза вай, тIекхуьучу тIаьхьенна шайн дайн истори йовзийтархьама а, цунах дозалла дан церан меттиг хилийтархьама а.